ТIекхочийла долу линкаш

Альянсо овхΙанхой тΙом бан Ιамор ханна сацийна



Атлантикан ТΙеман Альянсан официалан векалша хаам бина, шаьш сацадо ОвхΙанистанехь цигара полици а, леррина ницкъаш а говзалла совйоккхуш Ιамор, аьлла. Бахьана ду, цара бахарехь, меттигерчу тΙалибаша тΙех дукха тΙелетарш деш хилар. 350 эзар болу эскархой, полисхой Ιамор а, керла 20 эзар бΙаьхьо кечвар а дΙадолор ду церан тешамалла зийначул тΙаьхьа, аьлла, дΙахьедина альянсан ОвхΙанистанерчу куьйгалхоша.

И гΙулч яккха дезна дуьненаюкъарчу ницкъийн махкахь бахначу баттахь лаххара а 15 инструктор керла тΙеэцначу овхΙанхойх болчу эскархоша лелхийтаршкахь верца доьзна.
XS
SM
MD
LG