ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ХазбиевгΙар лецна Несарарчу полицино



Хьалхо бевзаш боцчара герз тоьхна лазийначу Несарарчу дарбан цΙийнехь Ιуьллучу Хазбиев Бердан кхо ваша лаьцна кΙиран буса, уьш цуьнга хьажа бахначу хенахь, полицино. Цаьрца цхьана лаьцна хилла ткъеха стаг а. Пхиъ бен полицехь ца сацош, дΙахецна и нах.

ХазбиевгΙар лецаран бахьана Несарарчу тергамхоша дузу уьш мехкан президентна Евкуров Юнус-Бекна кест-кеста критика еш хуьлучу бакъоларъярхочун Хазбиев Мохьмадан вежарий хиларца. Цкъачунна полицино гΙара ца даьккхина, ша и нах стенна лецна.

XS
SM
MD
LG