ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Пешаварехь лазийна ши Iамеркахо


Iамеркан Пакистанерчу векалалло хаам бина, Пешеварехь йолчу Цхьаьнатоьхначу Штатийн консульствохь болх беш волу шайн ши белхахо лазийна тIелатар дар бахьана долуш аьлла. Оцу дIахьедарна тIехь аьлла ду, кхин а консульствехь болх беш волу ши пакистанхо а чевнаш йина ву аьлла.

Пешаварехь хилларг Iамеркан дипломаташна дина долу терроран тIелатар ду аьлла, хета цигарчу Цхьаьнатоьхначу Штатийн векалаллина.

Эккхийтар дина Пешаварехь, кхерамазаллин ницкъаша леррина ларъеш йолчу кIоштахь. Цигахь дIатаръелла ю Цхьаьнакхетначу Къаьмнийн Вовшахтохараллан офис а, Iамеркан консульство а. И тIелатар дар бахьана долуш лазийна ву 19 стаг.

Iамеркан Пачхьалкхан департаментан векло Нуланд Викторияс дIахьедар дина, Вашингтон кийча ю и тIелатар толлуш Пакистанан Iедалшца юкъаметтигаш дIакхехьа аьлла.
XS
SM
MD
LG