ТIекхочийла долу линкаш

18 стаг вийна Шеман эскаро Эль-Баб-гIалахь



Шемахь Эль-Баб-гIаланна тIе бомбанаш йиттина Iедалан ницкъаша. Оппозицин жигархоша чIагIдарехь, и бахьана долуш вийна лаххара а 18 стаг. Оппозицин векалша видео хIоттийна интернетехь, цу гIала бомбанаш тухуш яьккхина йолу.

Цара дийцарехь, байиначарна юкъахь бу задарий а, бераш а. И хаам тIечIагIбина бац дозуш доцучу хьостанаша. Оршот Iуьйранна ондда эккхийтар дина Шеман коьртачу гIалахь Димашкъехь. Иккхинарг ю, чу молха а доьллина, кечйина хилла машен. Масийтта стаг чевнаш хилла ву.
XS
SM
MD
LG