ТIекхочийла долу линкаш

Оппозицин сайташна тIеIаткъам бо Белорусин Iедалша


Оппозицин интернет-сайтийн администраторш дIалецна Белорусин Iедалша. Цунна шаьш саготта хилар хаийтина Европан кхерамазаллан а, цхьаьна белхан а организацин векало. ОБСЕ-н зорбанан гIирсаш маьрша хиларехула йолчу урхаллан куьйгалхочо Миятович Дуняс дIахьедина, Белорусин Iедалш тIеIаткъам бан гIерта интернетерчу дешан маьршонна, аьлла.

Даханчу къиранах Минскехь а, Витебскехь а дIалецира он-лайн юкъараллин жигархо волу Ефтихиев Павел а, Ткачев Андрей а. Церан накъосташа дийцарехь, оцу шиннан хIусамашкахь, компьютерш дIа а йохуш, талламаш дIабаьхьна кхерамазаллан сервисийн белхахоша. Интернет-сайтийн администраторшна бехке дийриг ду харцхьалелор.
XS
SM
MD
LG