ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ЦIечу ЖIаран куьйгалхо Маурер Асадца цхьаьнакхетта Димашкъехь


Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Юкъараллин мухIажирашкахула волчу лакхарчу комиссаран урхалло дийцарехь,100 эзар стаг ведда Шемара дIабахначу баттахь. Оццул дукха нах арабевлла бацара цу махкара цигахь гIаттам болабеллачу стохкалерчу Зазадоккху-баттахь дуьйна.

Дуьненаюкъараллан мухIажирашкахула йолчу урхалло далочу терахьашца, верриг а Шемара веддарг ву 235 эзар стаг.

Шинарий дийнахь Дуьненаюкъарчу ЦIечу ЖIаран президент Маурер Петер цхьаьнакхийтира Шеман президентца Асад Башарца. Маурера ша саготта вуйла хаийтира цу махкахь хIоьттинчу гуманитаран хьолана. Шемарчу хаамийн гIирсаша дийцарехь, ша гIо дан дагахь ву ЦIечу ЖIаранна, аьлла Асада .
XS
SM
MD
LG