ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Миллионийн марш " вовшахтоха кечлуш ю Оьрсийчура оппозици


Кху беттан 15-чу дийнахь Москох «Миллионийн марш» дIаяхьа дагахь бу оппозицин ницкъаш. Цу хьокъехь долу кехаташ дIаделла церан векалша Москох Iедале.

«АьттоагIор фронт» олучу боламан лидеро Удальцов Сергейс дийцарехь, нагахь Москох-гIалин Iедалша марш яр дехкахь, оппозицин жигархоша интернетехь дагадовларш дIахьура ду, кхин дIа дан дезачух лаьцна. Нагахь марш ян бакъо лахь, оппозицин декъашхой дагахь бу Тверская урамера Белорусин вокзале кхаччалц буьйла а белла, Боровицкая майданахь митинг дIаяхьа.

Кхечу вевзаш волчу оппозицин жигархочо Навальный Алексейс дIахьедар дина, шаьш марш дIаяхьа дагахь ду, Iедалш цунна реза хилахь а, ца хилахь а аьлла.
XS
SM
MD
LG