ТIекхочийла долу линкаш

Нохчийчохь цхьана дийне дирзина ши дезде



21 шо хьалха Гезгмашин-беттан 6-чу дийнахь, Соьлжа-гIалахь шина баттахь гуламаш лаьттинчул тIаьхьа, дуьйжира Завгаев Докка коьртехь Ιийна коммунистийн Iедал. ХΙетахь дуьйна Нохчийчоьно шех йозуш йоцу пачхьалкх дΙакхайкхийна де лоруш дара и де.

Амма Еарин дийнахь Соьлжа-гIалахь даздеш дара кхин де – къоман барт а, цхьаалла а чΙагΙъяран де. Ткъа барт бацар гойтуш бу махкара дуккха а хиламаш. Еарий дийнахь Соьлж-гΙалахь вийна полицин белхахо. Хаамийн гΙирсаша дийцарехь, иза ву чоьхьарчу гΙуллакхийн министраллан хадаран урхаллера инспектор. Цуьнан машенна бухахь иккхина бомба.
XS
SM
MD
LG