ТIекхочийла долу линкаш

Евро лардан гIерта Евробанк


Еврозонехь декхаран кризисо эшам бинчу Италин а, Испанин а пачхьалкхан облигацеш сахьаэцарх лаьцна дIахьедар дан дагахь ю Европан Коьрта Банк. Цу гIуллакхо аьтто бан мега цу шина пачхьалкхан, кредиташ оьцуш.

Хьалхо Европан Коьртачу Банкан президенто Драги Мариос дIахьедар динера, шайн таро ерг дерриг а дийра ду шаьш, евро-ахча лардан аьлла.

Цу программана дуьхьал бу дуккха а Германера политикаш. Царна хетарехь, иза ду кризис ловш йолчу пачхьалкхашна нисса дIа ахчанца гIо дар.
XS
SM
MD
LG