ТIекхочийла долу линкаш

Пакистанехь дIахецна керста йоI


Кхо кIира хьалха Исламабадехь, Далла лийна аьлла, дIалаьцна 14 шо долу керстан йоI Масих Римша, закъалтана ахча а эцна, дIахецна кхело. Цу тайпа сацам бинарг ву суьдхо Азам Хан Мухьаммад.

Меттигера жигархой ара бевллера, и йоI дIахеца бохуш, даханчу Шоьтан дийнахь полицино, харц тоьшалла дина аьлла, молла дIалаьцначул тIаьхьа. Цу стага бехке йинера и йоI Къоранан агIонаш, нехех а тоьхна, ягорна.

Амма кестта теш велира, нехийн тоьрмиг чу уьш кхиссинарг ша и молла вара аьлла. Далла лер къоршаме зулам лоруш ду Пакистанехь. Цунна бехке бина нах бойуш Iедал ду цу махкахь.
XS
SM
MD
LG