ТIекхочийла долу линкаш

Къовсам битаре кхайкхина Хлопонина Кадыров а, Евкуров а


Оьрсийчоьнан президентан Путин Владимиран Къилбаседа Кавказехь волчу векло Хлопонин Александра кхайкхам бина Нохчийчоьнан а, ГIалгIайчоьан а куьйгалхошка, дозанах лаьцна къийсар дита аьлла. Хлопонина и дIахьедар дина ПIераскан дийнахь Пятигорскехь.

Цунна хетарехь, и хаттар дуьххьара дийцаре дан дезаш ду эксперташа. Кадыров Рамзан а, Евкуров Юнус-Бек а вовшашна Iиттарш еш вара кху тIаьхьарчу деношкахь, Кадыровс шина республикан доза къасто деза аьлла, дIахьедардинчул тIаьхьа.
XS
SM
MD
LG