ТIекхочийла долу линкаш

Москох Iедал дуьхьал ду оппозицин планашна


Москох мэрия реза ца хилла кху беттан 15-чу дийнахь «Миллионийн марш» дIаяхьа дагахь болчу оппозицин жигархойн дехар къобал дан. Iедалшна хетарехь, цара хийца еза шайн маршрут. Оппозицин декъашхой дагахь бу Тверская-урамера Белорусин вокзале кхаччалц буьйла а белла, Боровицкая-майданахь митинг дIаяхьа.

Амма Москох мэрин белхахошна хетарехь, цу акцин декъашхой буьйлабала мегар ду, Лужники олучу майданера, Фрунзенская набережная олучу урамехула, Андреевский тIайна уллехь митинг дIа а хьуш.

«АьттоагIор фронт» олучу боламан лидеро Удальцов Сергейс дIахьедар дина, шаьш цу вариантана реза дац аьлла. Шайн маршрут чекхйоккхур ю шаьш бохуш, чIагIдо цо.
XS
SM
MD
LG