ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Саммитехь Клинтон цхьаьнакхетта Путинца


Владивостокана уллехь йолчу Русский-гIайретIехь доцца цхьанакхетар дIадаьхьна Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира а, Iамеркан Пачхьалкхан секретаро Клинтон ХIилларис а. Хууш ма-хиллара, цигахь ю Азин а, Тийначу хIордан а регионехь экономикан юкъаметтигаш дIакхехьаран саммит.

Путина а, Клинтона а дийцаре динчу хаттарех дуьйцуш хIумма а дац. Хьалхо цу саммитехь Клинтон ХIиллари цхьаьнакхийтира Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министарца Лавров Сергейца. Цаьршимма дийцаре дира Гергарчу Малхбалера хьал а, шина пачхьалкхан юкъаметтигех доьзна хаттарш а.

Iамерко ГIажарийчоьнна а, Шемана а дуьхьал санкциш кхайкхоро Оьрсийчоьнна новкъарло йо цигахь бизнес лело, элира Лавровс цул тIаьхьа хиллачу зорбанан конференцехь. Шен агIора Клинтона хаам бира, кху баттахь, Оьрсийчоьнца йохка-эцар лелорна новкъарло еш долу, Джексонан а, Вэникан а цIе лело низам юхадаккха мегаш ду Iамеркан Конгрессо аьлла.
XS
SM
MD
LG