ТIекхочийла долу линкаш

Дагестанан дозанца тIемало лаьцна гуьржаша


Лапота-чIожехь, Оьрсийчоьнан дозанна уллехь, тIемало лаьцна шаьш аьлла, хаам бина Гуьржийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министралло. Цу меттехь Марсхьокху-бутт чекхболуш леррина тIеман операци дIаяьхьнера Гуьржийчоьнан ницкъаллин структураша.

Интерфакс-агенталло бинчу хаамца, гуьржаша дIалаьцнарг ву Оьрсийчоьнан махкахо Чатаев Ахьмат. Гуьржийн полицин векалша дийцарехь, цунна чевнаш йина хиллачу герзаш тохарехь.

Хьалхо Гуьржийчоьнан Iедалша хаам бира, Лапота-чIожехь хиллачу тIеман операцехь 11 стаг вийна шаьш аьлла. Цара чIагIдарехь, тIемалойн тоба еана хилла церан махка Дагестанера.
XS
SM
MD
LG