ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийн лаьмнашкахь чудеана тIеман беркема



Ми-35 олу тIеман беркема чудеана Нохчийчохь, Дагестанан дозанца долчу лаьмнашкахь. Ницкъаллийн структурийн векалша дийцарехь, цу тIехь хилла кхо пилот велла.

Цкъачунна болчу хаамашца беркема, ломах а хаькхаделла, охьадоьжна. Хилларг талла леррина комисси кхоьллина Оьрсийчоьнан тIеман министралло. Ми-35 цIе йолчу беркеманех пайдаэцар цхьана ханна дихкина.
XS
SM
MD
LG