ТIекхочийла долу линкаш

Косово когахIуттуш ю



Сербица хилла тΙом бирзинчул тΙаьхьа, Косово-мехкан паргΙато Ιалашъеш, Приштинехь деа шарахь лаьттина дуьненаюкъара офисан мисси чекхъялла, аьлла дΙакхайкхина Цхьанакхеттачу къаьмнийн юкъаралло. Делахь а цигахь цхьа жимма дакъа дуьсур ду, къепе ларъечу меттигерчу полицина гΙо деш.

Дуьненаюкъарчу ницкъийн Косовохь латтар дахбаларан бахьана дара Оьрсийчоьно оцу махкана тΙелетта йолу Серби бакъеш хилар. Арахьарчу ницкъийн тергонера шен мохк болуш хилар иза Европехь керла пачхьалкх кхоллаялар а, чΙагΙъялар а ду, элира Косовон премьер-министра Тачи Хашима. Шайн пачхьалкх дагахь ю Атлантикан тΙеман альянсана а, Евробертана а юкъаяха, элира цо.
XS
SM
MD
LG