ТIекхочийла долу линкаш

Оьрсийн дипломата бехк баьккхира Рассмуссенера



Оьрсийчоьнан арахьарчу гΙуллакхийн министралло дΙахьедина, Атлантикан тΙеман альянсана зеделларг ца кхачийна тΙаьххьарчу деношкахь Къилба Кавказехь хиллачо, аьлла.

Оцу министраллин официалан векала Лукашевич Александра хьахийнарг дозура альянсан инарла секретара Расмуссен Андерса массех де хьалха ша Тбилисе вахана волуш, Гуьржийчоь Атлантикан аьлянсана герга цΙа ду, аьлла динчу къамелца.

2008-чу шарахь Къилба Кавказехь хиллачу кхаа дийнан тΙеман бахьанех а, жамΙех а лаьцна ойла ца йина, цигарчу политикан хаьл чоьте а ца оьцу Малхбалено, элира Лукашенкос шен дΙахьедара тΙехь.
XS
SM
MD
LG