ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

«Тбилисино йохка-эцарш лелийна нохчашца»



Гуьржийчоьнан Ιедало йохк-эцарш лелийна Паьнказахь ша байъинчу нохчашна-бацошна тΙехула, аьлла кхайкхийна кестта хила безачу гуьржийн президентан харжамашкахь таханлерчу мехкан деца Саакашвили Михаилца къовсавала кечлуш волчу «Бидзина Иванишвили-Гуьржийчоьнан сатийсам» цΙе йолчу юкъарлонан хьалханчас.

«Ιедал харц луьйш дара, гуьржийн лаьмнашка Оьрсийчуьра тΙемалой баьхкина, бохуш а, байъинчу нахаца цхьа а махкахо вац бохуш а. Иштта тхуна хиина, Ιедал белларш дΙабохка гергарчарна церан декъеш дΙа ца луш хьийзинийла а. Лулара баьхкинчу тΙемалошца тΙом ца бинехь а дацара хир долуш зе», дΙакхайкхийна Иванишвилис ша кΙирандийнахь Телавин бахархошца къамел деш.
XS
SM
MD
LG