ТIекхочийла долу линкаш

БΙеннаш баьгна Карачи-гΙалахь



Пакистанерчу Карачи-гΙалахь цΙелетта, сихха яьгначу хΙуманаш тоьгучу фабрика чохь велла 280 стаг, 60-нна чевнаш хилла. Фабрикехь болх беш 450 стаг вара, овкъаршлахь кхин а баьгнарш каро а тарло, боху Пакистанан Ιедалша.
Карачин дарбан цΙийнерчу лоьро Фоби ТΙарикъа дийцарехь, зуда я борша стаг ву а ца къаьсташ, чΙогΙа баьгна нах. Коьрта бахьана ду, хьостанаша чΙагΙдарехь, цΙе йолуш фабрикан неΙарш догΙанаш тоьхна, чΙагΙна нисъялар.
XS
SM
MD
LG