ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Толстой а, наиб Хьаьжамурд а "кхаьчна" Дагестане


Толстой Леван 184 шо кхочучу Гезгмашин-беттан 9-чу дийнахь ХIинжа-ГIалахь тIулгах бина хIоллам хIоттийна дагестанхоша. Мехкан шахьарахь "гIаьттина" яздархо ша цхьаъ а вац - цуьнца цхьаьна ву цо шен тептарца говза васт кхоьллина волу ХунзахIера Шемал-имаман наиб Хьажамурд а. ХIоллам схьабоьллу еза бакъо кхачийра дагестанхоша Толстойн гаранах волчу Москохарчу хьешана а, Хьаьжамурдан тIаьхьенчашна а. (Хажиева Зульфиян видео)

XS
SM
MD
LG