ТIекхочийла долу линкаш

Думера эккхийна Гудков



Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Думано шен декъара Гудков Геннадий дΙаваккха сацам бина цо, ша депутат воллушехь, низам а талхош, бизнес лелорна, аьлла. Парламентан ах сов декъашхой реза хилира кест-кеста президентна Путинна критика еш хуьлу и оппозицин лидер шайна юкъара дΙаваккха.

Сацам иштта нисбелла Цхьааллин Оьрсийчоь а, Либералан-Демократин а партешкара депутаташ Гудковна дуьхьал кхаж тасарца. Ткъа дуьхьало йина, оцу шина партел кΙезиг болу, коммунисташ а, Нийсонан Оьрсийчоь партин векалш а эшна. ТΙаьххьарчу декъо Конституцин кхеле делла Гудков дупутатан мандатах вакххар харцо ю аьлла кечдина арз.
XS
SM
MD
LG