ТIекхочийла долу линкаш

«Миллионийн Марш»



Москох, «Миллионийн Марш» цΙе тиллина гулам дΙабаьхьира шоьтан дийнан сарралц Оьрсийчоьнан оппозицин лидерша. Пушкинан майданара Сахаровн майдана, гулам дΙахьочу метте ваха аравелира делккъехь лаххара а 25000 стаг.

Оппозицин хьалханчех цхьамма, Удальцов Сергейс, «коьрта Ιалашо Ιедалца пачхьалкхан гΙайгΙанаш бийца болор ю», элира.

Гулам берззале тΙеэцначу резолюцино дΙакхайкхийра, президента Путин Владимира дарж дита деза, аьлла. Иштта тΙедожийра Ιедалшна политикан тутмакхаш набахтешкара мукъабахар а, президентан доза доцу бакъонаш яцъеш реформаш дΙаяхьар а, харжамаш халкъан жоьпалле бахар а, роже ца хьоьжуш, парламентан а, президентан а харжамаш юха хΙиттор а.

7000 полицин белхахо вара гуламехь къепе ларъеш. Оппозицин гуламаш хΙиттира Оьрсийчоьнан дуккхаъчу кхечу гΙаланашкахь а.
XS
SM
MD
LG