ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

БрахΙими - Асад - цхьаьнакхетар



Шоьтан дийнахь дуьненаюкъарчу цхьанакхетараллийн векал БрахΙими ЛахΙдар къамел хилла Шемин президентца Асад Башарца махкара тΙемаш совцор дийцаре деш. И къамел дирзинчул тΙаьхьа БрахΙимис журналисташна довзийтира дийцаре динарг.

«Коьртачу декъанна, махкара хьал баккъала а чолхене даьлла хиларна къера ву Асад», элира цо. Шемин куьйгалхочуьнца цхьанакхетар духхьара дара БрахΙимин ша цигара хьал дижош къахьега Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн юкъаралло а, Ιаьрбийн пачхьалкхийн Лигано а хаьржинчул тΙаьхьа.

Лондонехь куп тоьхначу шемахойн бакъоларъярхойн тобано довзийтина пΙераскан дийнахь Шемахь 160 стаг вийна хилар.
XS
SM
MD
LG