ТIекхочийла долу линкаш

Гилмендехь авиабазанна тΙелетта тΙалибаш



Ши Ιаьмеркан хΙордан гΙаш-эскархо вийна, маситта лазийна Британин авиабазанна ОвхΙанистанерчу Гилменд-кΙоштахь тΙелеттачу тΙалибаша. Ιаьмеркан векалша тоьшалла дарехь, Бастион олучу оцу базано дуьхьало еш вийна 16 тΙалиб.

Биъ бутт бу тΙалибаш вен чΙагΙо йина волу Ингалсара принц Гарри оцу меттехь эскархочун гΙуллакхдеш волу. ТΙелеттачу тΙалибаша авиабазехь лаьттина массех кема а дохийна. Церан векалша хаам бина, иза бусулба дин Ιаьмеркахь яьккхинчу филмо сийсаздар шайна товш доцийла гойтуш дина шаьш, аьлла.
XS
SM
MD
LG