ТIекхочийла долу линкаш

"Бусулбанийн бехк цахилар» цIе йолчу филмана реза бац бусулба нах


Пакистанехь тасадаларш хилла полицина а, Iамерканна духьал хьажийначу акцийн декъашхошна а юкъахь. И бахьана долуш масийтта стаг лазийна ву Вараи олучу гIалахь а, Карачихь а. 30 гергга стаг дIалаьцна полицино.

«Бусулбанийн бехк цахилар» цIе йолчу Ислам-дин сийcаp деш Iамеркехь яьккхинчу филмана дуьхьал акциш хилла Пешеварехь а, Кветтехь а. Машаран демонстраци хилла Палестинерчу Рамаллехь а.

Полицица тасадаларш хилла ОвхIанистанан коьртачу гIалахь Кабулехь а, Индонезин коьртачу гIалахь Джакартехь а. Оцу дуьхьалонан акцийн декъашхоша ягош ю Iамеркан байракхаш а, Обама Баракан сурташ а.

«Бусулбанийн бехк цахилар» цIе йолу филм бахьана долуш хиллачу къепедацаршкахь вийна 18 стаг, шайна юкъахь Iамеркан Либехь волу векал а волуш. Иттаннаш нах чевнаш йина бу, иттаннаш – Iедалша дIалийцина бу.
XS
SM
MD
LG