ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIайренаш къуьйсуш ю Китай а, Япони а


Японина дуьхьал митингаш а, демонстрациш а дIахьуш болчу шайн махкахошка низам а ларде, къепе а ларъе аьлла, кхайкхм бина Китайн Iедалша. Хаамийн агенталлаш дийцарехь, шайн болх сацийна Китайн территори тIехь йолчу Японин компанеш.

Масийтта кIира ду Китайно а, Японино а территори къийсар бахьана долуш, Китайхь демонстрацеш дIайоьлху. Къуьйсуш ерш ю Японино дола деш йолу Сенкаку цIе йолу гIайренаш. Китайхоша царах Дяоюйтай олу.

ДIадаханчу кIирнах Японино дIахьедар дира, шаьш и гIайренаш эцна уьш долахь йолчу нахера аьлла. Ткъа Китай дуьхьал яра цу гIуллакхана.

Оршотан дийнахь Японехь визитаца хилира Iамеркан тIеман министр Панетта Леон. Цо кхайкхам бира шина а пачхьалкхе, территори къийсар, маьрша дийцарш а дай, дерзаде аьлла.
XS
SM
MD
LG