ТIекхочийла долу линкаш

ОвхIанистанехь маьрша бахархой байар толлуш ю леррина комисси


ОвхIанистанехь, Лагман-провинцехь, НАТО-н кемано, ракеташ а тоьхна, маьрша бахархой байар таллар Iалашонца леррина комисси кхоьллина дуьненаюкъарчу коалицин буьйранчалло. Цунах лаьцна хаам бина НАТО-н векалша.

Цара дийцарехь, НАТО-н кемано ракеташ тоьхнера шена хичаш еш болчу герзаца хиллачу нахана. И бахьана долуш, вийна масийтта тIемало. ТIеман операци дIахьуш, ларамаза масех маьрша стаг а вийна аьлла, хаам бина НАТО-н векалша.

ОвхIанистанерчу дуьненаюкъарчу коалицин ницкъийн буьйранчалло кадам бина байинчу нехан гергарчаьрга. Хьалхо ОвхIанистанан Iедалша дIахьедар динера, дечиг лахьо яхана хилла 8 зуда йийна Алингар олучу эвлан йистехь аьлла.
XS
SM
MD
LG