ТIекхочийла долу линкаш

Цхьаьна операцеш дIаяхьар сацийна ОвхIанистанехь


НАТО-но куьйгалла дечу дуьненаюкъарчу ницкъаша цхьана ханна совцийна, шаьш ОвхIанан эскархошца а, полицица а цхьаьна дIахьуш йолу операцеш. Цуьнах лаьцна хаам бина Iамеркан ОвхIанистанехь долчу эскаран буьйранчо Терри Джеймса. Цо дийцарехь, и омра хьакхалуш ду батальонал а къезиг салттий болчу дакъойх.

Цу тайпа сацам бар доьзна ду, ОвхIанистанан кхерамазаллин ницкъийн белхахоша коалицин эскархошна деш долу тIелетарш алсам довларца. ХIара шо доладелчхьана и бахьана долуш ОвхIанистанехь вийна 50 НАТО-н эскархо.

Дуьненаюкъарчу коалицин эскарш ОвхIанистанера арадаха дезаш ду 2014 шо чекхдалале.
XS
SM
MD
LG