ТIекхочийла долу линкаш

Панеттас сатохаре кхайкхина Китай а, Япони а


Китайга а, Японега а сатухуш хиларе кхайкхина Пекинехь визитаца волчу Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штатийн тIеман министро Панетта Леона. Масийтта кIира ду, территори къийсар бахьана долуш, Китайн а, Японин а юкъаметтигаш кхоччуш телхина.

Къуьйсурш ю Японино дола деш йолу Сенкаку цIе йолу гIайренаш. Китайхоша царах Дяо-юй-тай олу. Даханчу кIирнах Японино дIахьедар дира, шаьш и гIайренаш эцна, уьш долахь йолчу нахера аьлла. Ткъа Китай дуьхьал яра цу гIуллакхана.

Панеттас кхайкхам бина Пекине а, Токиога а шина пачхьалкхан Iедалийн контакташ жигара яха аьлла, цо ма аллара, «гIалаташ ца довлийта». Шинарин дийнахь Китайрчу 100 сов гIалахь дIаяьхьира Японина дуьхьал хьажийна акциш.
XS
SM
MD
LG