ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кхечу пачхьалкхера журналисташ лецна Минскехь


Оппозицино дIахьуш йолу акци дIасалаьллина полицино Белорусин коьртачу гIалахь Минскехь. Кхерамазаллин сервисан белхахоша лецна цу акцехь болх беш хилла шайн махкара боцу журналисташ.

Маршо Радион корреспонденто дийцарехь, царна юкъахь ву немцойн телеканалан телеоператор а, Associated Press а, Reuters а хаамийн агенталлийн фотокорреспонденташ а. Минскехь пикет дIаяхьа гIоьртинарш бара "Говори правду" олучу кегийрхойн боламан жигархой.

Хир болчу харжамашна хьажийначу цу акцехь уьш чорпа йоькъуш бара нахана.
XS
SM
MD
LG