ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Туркойчоьнан 7 эскархо вийна курдаша


Туркойн эскархошна рогIера тIелатар дина Бинголь а, Мюс а олучу провинцийн дозанехь. ТIемалоша ракеташ йиттина тIеман ковранна. И бахьана долуш, 7 эскархо вийна, 56 – лазийна ву.

Туркойчоьнан кхерамазаллин сервисийн белхахоша дийцарехь, и тIелатар динарш бу Курдийн белхан партин тIемалой. И тоба терроран лоруш ю Туркойчоьно а, Iамерко а, Евробертана юкъайогIучу пачхьалкхаша а.
XS
SM
MD
LG