ТIекхочийла долу линкаш

USAID-ан болх сацийна Оьрсийчохь


ГIадужу-беттан 1-чу дийнахь дуьйна Оьрсийчохь боьхкуш бу Iамеркерчу "Дуьненаюкъаралла кхиаран агенталла" цIе йолу вовшахтохараллан болх. Цунах лаьцна хаам бина Оьрсийчоьнан Iедалша.

USAID олучу вовшахтохараллан Москох векалалла дIачIагIаран бахьана ду цо лардеш ца хилар ша Iалашоне лаьцнарг аьлла, дIахьедар дина Кхаарин дийнахь Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министраллан векло Лукашевич Александра. Цо чIагIдарехь, ахчанан гранташ а луш, Оьрсийчурча политикан процессашна Iаткъам бан гIерташ хилла Iамеркан организаци.

USAID цIе йолчу вовшахтохаралло гIо деш дара харжамашна терго еш йолу «Голос» цIе йолчу организацина а, адамийн Мемориалана а, Transparency International цIе йолчу вовшахтохараллан Оьрсийчурчу декъана а.
XS
SM
MD
LG