ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Тутмакхаш хьийзош хилла Тбилисерчу набахтехь


Гуьржийчоьнан президенто Саакашвили Михаила дош делла, Тбилисерчу набахтехь тутмакхаш хьийзиначу нахана таIзар дийра ду ша аьлла. Кхаарин сарахь телевизионехула вист хуьлуш, цо элира, Глданерчу набахтехь хилларг эргIадвохуьйту хIума ду аьлла.

Шинарин дийнахь «Маэстро» а, «ТВ-9» а олучу телеканалаша видео гайтира, Тбилисерчу набахтехь къайлах яьккхина йолу. Цу тIехь гуш ду набахтен белхахоша тутмакхаш хьийзош.

И видео яьккхинарг ву, цу набахтехь болх беш хилла волу, Бельги-пачхьалкхе ведда волу Бедукадзе Владимир. Видео тIехь гуш долчо эргIадбахийтина бу Гуьржийчура бахархой. Тбилисехь а, Батумехь а, нах цIеххьана ара а бевлла, дIаяьхьна дуьхьалонан акцеш.
XS
SM
MD
LG