ТIекхочийла долу линкаш

Пхи тIемало вийна Сипсу-Галахь


Сунжа-кIоштарчу Сипсу-ГIалахь 5 тIемало вийна аьлла, дIахьедар дина Интерфакс-агеталло, ФСБ-н ГIалгIайчурчу урхаллин векалшна тIе а тевжаш. Цара дийцарехь, и нах хилла жимчу машенахь.

Полисхой уьш совцо гIоьртача, дуьхьал герзаш тоьхна тIемалоша. Царах виъ стаг мила ву хиина. Уьш бу Хаяури Тимур а, Албаков Асланбек а, Дзейтов Мохьмад а, Гарданов Алихан а.

И хаам тIечIагIбина ГIалгIайчоьнан куьйгалхочо Евкуров Юнус-Бека. Цо чIагIдарехь, Махаури Сунжа-кIоштарчу "бандитийн" куьйгалхо хилла ву. Евкуровс дийцарехь, и операци кечйина хилла ши кIира хьалха дуьйна.

Сипсу-ГIалахь кхераме тIемало вийна аьлла, Интерфаксе дуьххьар хаам бинарг ву Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан. Цо дийцарехь, Евкуровна цу операцех лаьцна хууш хIумма а ца хилла. Интерфаксо дийцарехь, Кадыровс и хаам беш ГIалгIайчура милцой цу метте дIакхачна а ца хилла.
XS
SM
MD
LG