ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бишкекехь масех берта кIел куьйгаш таIийна Путина а, Атамбаевс а


Масийтта барт тIеэцна Бишкекехь Оьрсийчоьнан а, ГIиргIизойчоьнан а президенташа – Путин Владимира а, Атамбаев Алмазбека а. Царна юкъахь ду оьрсийн тIеман бази мур бахбар хьокъехь дерг а. И документ ницкъ болуш хир ду 2017 шарахь дуьйна.

Иштта Оьрсийчоьнан Iедалша дуьтуш ду гIигIизошна 489 миллион доллар барамехь долу декхар.

Дагадовларш дIадирзинчул тIаьхьа вист хуьлуш, Путин Владимира дIахьедар дира, ГIиргIизойчохь а, Таджикистанехь а йолу Оьрсийчоьнан тIеман базаш ладам боллуш фактор хир ю Юккъерчу Азехь НАТО-н эскарш ОвхIанистанера дIадигинчул тIаьхьа цигахь къепе хиларан аьлла.

Шен агIора Атамбаевс билгалдаьккхира 2014-чу шарахь, контракт чекхяьллачул тIаьхьа шаьш Iамеркан Манасехь йолу дуьненаюкъара кеманпорт дIакъовла сацам бина хилар.
XS
SM
MD
LG