ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

365 эпсарна кхел кхайкхош ю Туркойчохь



Гергарчу сохьташкахь Туркойчохь суьдо вердик кхайкхор ю, махкахь Iедалан карчам бан гIортарца доьзначу гIуллакхехь. Кхеле озийнарш бу бIаьннаш тукройн эскаран эпсарш. Церах цхьаберш хIинццалц гIуллакх деш бара армехь.

Талламхоша чIагIдарехь, 2003-чу шарахь и эпсарш кечам беш хилла Iедал карчо. Верриг а кхеле озийнарг ву 365 стаг. Цу наха тIе цадуьту шайн бехк хилар.

Туркойчоьнан Хьалхарчу Армин буьйранча хиллачу инарло Четин Догана, суьдехь вист хуьлуш, дIахьедар дира, шайна тIехь еш йолу кхел нийса а яц, низамца йогIуш а яц аьлла.

Аналисташа чIагIдарехь, эскаран векалш кхеле а озийна, Iедалша гIелйина туркойн политикана Iаткъам беш хилла йолу эскаран коьртехь йолу лаккхарчу эпсарийн тоба.
XS
SM
MD
LG