ТIекхочийла долу линкаш

Веданахь дIахьуш ю тIеман операци


Нохчийчохь, Ведан-кIоштахь, юха а дIайолийна Гакаев Муслиман тобанна дуьхьал хьажийна йолу операци. Республикан куьйгалхочо Кадыров Рамзана чIагIдарехь, ницкъаллин структурийн белхахоша го бина, Гакаевн накъостий хир бу аьлла, шайна хетачу меттигана.

Хьалхо и операци дIахьуш 4 тIемало вийна шаьш аьлла, дIахьедар динера Кадыров Рамзана. Цо чIагIдарехь, уьш дакъалоцуш хилла адамаш дойуш а, лехийтарш деш а, полицин белхахошна тIелетарш деш а.

Шоьтан дийнахь Кадыровс даре дира Ведан-кIоштIахь, тIеман операци дIахьуш, 4 полицин белхахо вийна хилар.
XS
SM
MD
LG