ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кхоъ стаг вийна Бенгазехь


Кхоъ стаг вийна Либерчу гIалахь, Бенгазехь, Шоьтан Iуьйранна. И инцидент хилла меттигерчу эскаран декъан кевнехь. Чевнаш йина ву 20 стаг.

Хьалхо хаамаш баьржира, ПIераскан сарахь бIаьннаш дуьхьалонан акце арабевллачу наха, штурм а йина,"Ансар-аш-Шариа" олуш йолу радикалан ойланаш йолчу тIемалойн база дIалаьцна аьлла.

Цу тобан декъашхоша дина аьлла хета Iедалшна кху беттан 11-чу дийнахь Iамеркан консулствонна дина тIелатар. Цу тIелатарехь вийра виъ Iамеркахо, шайна юкъахь Iамеркан Либехь волу векал Стивенс Кристофер а волуш. Кху тIаьхьарчу деношкахь Бенгазехь шайн Iуналла хIотто гIертачу нахана дуьхьал митингаш дIахьуш бара меттигера бахархой.
XS
SM
MD
LG