ТIекхочийла долу линкаш

«Халкъан муджахIид» кхин дIа терроран тоба ца лору Iамерко


ГIажарийчура оппозицин «Халкъан муджахIид» тоба шаьш кхин дIа терроран ца лору аьлла, Конгрессе хаам бан дагахь ю гергарчу деношкахь Iамеркан Пачхьалкхан секретар Клинтон ХIиллари. Цунах лаьцнна дIахьедар дина Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штатийн администрацин векалша.

И сацам ницкъ болуш хир бу ГIадужу-беттан Хьалхарчу дийнахь дуьйна. «Халкъан муджахIид» тобано резахиларца тIеэцна и хаам. Цу тобан декъашхой къийсам дIахьуш бу карарчу хенахь ГIажарийчохь долчу Iедалшца. Ткъа ТехIрано и нах бехке бо шайн территори тIехь терроран тIелетарш дарна.

«Халкъан муджахIид» тобанан дуккха а жигархой махкал а арахьа бехаш бу. Цу тобан штаб-хIусам ю Парижехь.
XS
SM
MD
LG