ТIекхочийла долу линкаш

«Беларусера харжамаш нийса дΙахьош бацара»



Европан кхерамзаллехула а, юкъарлонаш латторехула а йолчу комитето (ОБСЕ) хаам бина, кΙирандийнахь Беларусехь дΙабаьхьна парламентан харжамаш я маьрша а бацара, я нийсонца дΙабаьхьна а бацара, аьлла. Политикан оппозици декъахь а йоцуш кеч а бира харжамаш, цхьа а конкуренци а йоцуш чекх а бевлла, цундела цаьрга нехан тешам хуьлийла дац, элира Европан кхерамзалла а, мехкийн зΙенаш а шен тергонехь латточу оцу Комитетан цΙарах Беларусехь харжамашна тΙехьожуш хиллачу тобан хьалханчас Милошоски Антониос.

Официало бахарехь, 74 процент харжамхой бахана кхаьжнаш таса. Ткъа оппозицино, дуккха а кΙезиг бара харжамашка баханарш, аьлла даржийна. Лукашенкон агΙоно а санна, Оьрсийчуьрчу а, Йозушйоцчу Пачхьалкхийн Гергарлонан тергамхоша а чΙагΙдо, харжамаш цΙена чекхбевлира, бохуш.
XS
SM
MD
LG