ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Обамас хьахийна филмах даьлла зулам



Шинарий сарахь Ιаьмеркан Цхьанатоьхначу Штатийн президента Обама Барака Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Юкъараллехь къамел дина шайн пачхьалкхахь яьккхинчу ПайхΙамар сийсазвечу филмана бусулбанийн резабацар а, дуккха а нах и бахьанехь байъина хилар а хьахош. Обамас бакъ ца бо филм яьккхинарш. Амма иза гайтар доьхку, аьлла, дΙалакъон йиш яц, элира цо, Малхбузенна уггаре мехала хьоста - дешан маршо.
XS
SM
MD
LG