ТIекхочийла долу линкаш

Демаьшкахь эккхийтина боберийн доладен хьукмат



Шемарчу опозицин векалша шинарий сарахь бинчу хаамца, Демаьшкахь иккхинчу бомбано йохийна пачхьалкхан тΙеман администрацин цхьа гΙишло. Белларш мел бу цкъачунна хууш дац. Британерчу шемахойн бакъоларъярхойн юкъаралло билгалдаьккхина, Демаьшкана йисттехь лаьттина и гΙишло беллачу эскархойн берийн Ιуьналла ден хьукмат яра, аьлла.

Оцу юкъанна шен декхарш кхочуш деш, Ιедалний, гΙаттамхошний юкъа машар билла гΙерта кху деношкахь цаьрца дийцаршкахь волу Цхьанакхеттачу Къаьмнийн Юкъарлонан а, Ιаьрба пачхьалкхийн Лиган а векал волу БрахΙими ЛахΙдар.
XS
SM
MD
LG