ТIекхочийла долу линкаш

Оьрсийчоьно котар-юртахошна дина зе дийцаре деш ю Еврокхеташо



Страсбургехь Европан кхеташонан министрийн комитет ю Нохчийчоьнца боьзна Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхело 6 шо хьалха бина сацам Оьрсийчоьно кхочуш цабар дийцаре деш. 2000-чу шарахь оьрсийн тΙеман кеманаша Хьалха-Мартан къоштарчу Котар-Юьртахь, ракеташ а, бомбанаш а йиттина, дуккха а нах байъар теллинера Еврокхело. Декхаре йинера Оьрсийчоь хилла бохам талла а, оьшшу сацамаш бан а.

Амма хилам ма-доггΙу ца толлуш битира Оьрсийчоьно. Европан министрийн комитето бехке ян тарло Оьрсийчоь цо адамийн бакъонийн дуьненан конвенцин 46-гΙа артикл талхорна а, цунна талламаш бан кхин цкъа а тΙедожон а.

Дуьненаюкъарчу адамийн бакъонийн терго ечу Human Rights Watch-о билгалдоккху, Нохчийчуьрчу бахархойн дехарца теллинчу 33 девнан лорах Оьрсийчоьно цхьа а стаг жоьпе оьзна а цахилар.
XS
SM
MD
LG