ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нетаньяху вогу гΙажароша зарратан герз кхолларх



Цхьанакхеттачу Къаьмнийн Юкъарлонан кхеташонехь Жуьгтийчоьнан премьер-министра Нетаньяху Биньамина дΙахьедар дина, ГΙажарийчоь лерина яц зарратан герз кхуллучу новкъара яла, цундела ойла ян еза дуьнено, и пачхьалкх муха сацон догΙу шена цо бохьучу кхерамах, аьлла. Шайн мехкан йиш яц гΙажарошка зарратан герз а кхачийтина, жуьгтийн къам хΙаллакдайта, боху Нетаньяхус. Цо чΙагΙдо, ГΙажарийчоь тΙедогΙу шо долалуш кийча хир ю шен хьалхара зарратан бомба кхолла аьтто беш долу уран арахеца, бохуш.
XS
SM
MD
LG