ТIекхочийла долу линкаш

Шемара уьду бΙеннаш эзарнаш нах



Цхьанакхеттачу Къаьмнийн Юкъараллерчу мухΙажиршкахула йолчу урхалло хаам бина, Шемарчу тΙамах бевддачу нехан терахь карара шо доьрзуш 700 эзарне кхочур ду, аьлла. 300 эзар гергга ву мухΙажирех Шеман дозанашца йолчу Урдунехь, Иракъехь, Либанехь, Туркойчохь.

Урхаллин куьйгалхоша орца доху, шайн ницкъаш лара ца ло оццул дукха адам сихха бохамах хьалха даккха,бохуш. Цо чΙагΙдарехь, 30 эзар стаг вийна Шемахь Асад Башаран режимна дуьхьал гΙаттам лаьттачу 18 баттахь. Шемарчу бакъоларъярхоша дечу тоьшаллица, 300 вахархо велла деккъа цхьана кхаарий дийнахь.
XS
SM
MD
LG