ТIекхочийла долу линкаш

Зуламе филман автор набахте хьажийна



Лос-Анжелесан кхело набахте кхачийна «Бусулбанийн бехк цахилар» филм яьккхина волу мисархо-копт Накула Бассели Накула. Цуьнан YouTube сайтехула яьржинчу трейлеро дуккха а зенаш, зуламаш кхоьллина бусулбанийн мехкашкахь, оьгΙазбахначу бусулбанаша байъина дуккха а шайх боцу нах.

Бакъду, филм бахьанехь ца лаьцна Бассели Накула – цунна бехке дина ши шо хьалха ша динчу зуламна тоьхначу арахь токхучу хенан раж талхор. Финансийн махинацеш лелорна хантоьхначуьра, закъалтна тешам а буьллуш, Ιедало стохка аравалийтинера иза набахтера. Масала, цунна лурчаха дуьйна а дихкина хилла интернетах пайда эца, ткъа цо шен филм яржийна цучухула.

ХΙинца Бассели Накулас набахтехь яккха тарло 2 шо хан.
XS
SM
MD
LG