ТIекхочийла долу линкаш

Соьлж-ГΙалара кхел: «Бусулбанаш бехке цахилар» - экстремизме филм


Бусулбанаш Ιаьмеркахь яьккхинчу филмо сийсазбарца боьзна бу хΙара хаам а. Соьлжа-ГΙаларчу цхьана кхело экстремизме ю, аьлла, сацам бина «Бусулбанийн бехк цахилар» филмах лаьцна. Оьрсийчуьрчу низамашца а догΙуш, муьлххачу а цхьана кхело экстремизмехь материал, кинофилм бехке йича, и сацам лела декхаре бу ерриг а пачхьалкхехь.
Хьалхо филм гайта ца магар даржор дехнера маьΙ-маьΙнерчу маситта Оьрсийчоьнан мехкашкарчу прокуратураша.

Деношкахь Соьлж-ГΙалахь санна йолу кхел хΙотта езаш ю, нехан арз луьстуш, Тверь-гΙалин кхелехь а.


XS
SM
MD
LG