ТIекхочийла долу линкаш

Pussy Riot юкъарчу тутмакхийн латкъам луьстур бу суьдо кху беттан 10-чу дийнахь


Москох гIалин суьдехь ладогIарш хилла Pussy Riot тобанна юкъара, хан а тоьхна, чуйоьллинчу кхаа йоIа латкъам бар бахьана долуш. Алехина Мария а, Толоконникова Надежда а, Самуцевич Екатерина а, шишша шо хан а тоьхна, чуйоьллина ю цара Москох Христос КIелхьадаккхархочуьн Килсанехь Мареме «Путин хIаллакве» бохуш кхайкхамаш барна.

Москох гIалин суьдо цкъачунна цхьа а сацам ца бина. Кхелан рогIера кхеташо хир ю кху беттан 10-чу дийнахь. Иза доьзна ду оцу кхааннах цхьаммо, Самуцевич Екатерианас, шена кхин адвокат оьшу аьлла, дIахьедар дарца.

Pussy Riot декъашхой дIахецар доьхуш, кхайкхамаш бина кху дуьнентIерчу дуккха а политикаша а, бевзаш болчу културан белхахоша а.
XS
SM
MD
LG