ТIекхочийла долу линкаш

НАТО-н кхоъ эскархо вийна ОвхIанистанехь


Мел лаххара а 14 стаг вийна, терроран тIелатар а дина, ОвхIанистанехь, Хьост олучу гIалахь. Меттигерчу Iедалша бинчу хаамца, мотоцикл тIехь хиллачу Iожалхочо ша эккхийтина овхIанан полицин а, дуьненаюкъарчу коалицин эскархойн а патрулана юкъахь.

Байинчарна юкъахь НАТО-н 3 эскархо а, церан гочдархо а ву. Чевнаш йина бу, ларамаза цу меттехь нисбелла болу, иттаннаш маьрша бахархой. И тIелатар шаьш дина аьлла, дIахьедар дина тIалибаша.
XS
SM
MD
LG