ТIекхочийла долу линкаш

Парламентан харжамаш хилла Гуьржийчохь.


Парламентан харжамаш хилла Гуьржийчохь. Церан жамIаша Iаткъам бийр бу Гуьржийчоьнан хир йолчу политикан курсана аьлла, хеташ бу аналисташ.

Парламентан меттигаш къовсуш яра коьртачу декъана карарчу хенахь Iедалехь йолу «Цхьааллин къоман болам» цIе йолу президентан Саакашвилин парти а, «Гуьржийн сатийсам» цIе йолу бизнесхочо Иванишвили Бидзинин оппозицин парти а.

Ерриг а парламентан харжамашкахь дакъа лоцуш яра 16 парти. Гуьржийчоьнан парламентехь ву 150 депутат. Саакашвили Михаила даре дина шаьш цхьайолчу харжамийн каппашкахь эшна хилар. Шен агIончаш толамца декъал беш ву хIинцале а Иванишвили. Харжамийн жамIаш хуур ду Шинарин дийнахь.
XS
SM
MD
LG